Image Post
Главная » 2016 » Январь » 9 » Россин Турпалхочунна, Нохчийн Республикан Хьалхарчу Паччахьна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина!
22:23
Россин Турпалхочунна, Нохчийн Республикан Хьалхарчу Паччахьна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина!

Къонахчо кхайкхийна машаран аг1о, Д1ахьуш ю вайн къомо дагца еш ч1аг1о. Беркат а кхуьуш ду Нохчийчохь шера, Хьо паччахь хиларна тхан дуьххьарлера. 
Ахь нийсо яржийна, Хьо нохчо хиларна, Ахь бакъо кхайкхийна бусалба хиларна. Г1иллакх ахь даржийна, даржийна сий, Хиларна хьо къонах, ц1ена нохчий! 
Бусалба дог дара хьо араваьккхинарг, Аллах1ан некъ бара, ахь, арабаьккхинарг. Г1азотан новкъахь хьан кхалхар хили, Хьайн новкъахь, м1аьргонна хьо цкъа ца тили. 
Хьан новкъахь тахана нохчийн къам деха, Дахар а толуш ду мискачу нехан. Хьан к1ант ву, хьан меттан, хьан некъ д1акхоьхьуш, Мискачу адмаша до1анехь воьхуш. 
Шари1ат, Т1арикъат вайн махкахь денлуш ду, Ахь тхуна кхайкхийна бакъо а яьржаш ю. Декъала войла хьо Сийлахьчу Дала, Йог1арца эхартахь хастаме г1ала!

Просмотров: 498 | Добавил: Grozniy-Maga-Valerik | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0